📚Фикъх1 зударшна📚 (@fikhzudarsnaWAY) — Telegram-канал | Telegram Dialogs
Telegram Dialogs — логотип
Все каналы
📚Фикъх1 зударшна📚

📚Фикъх1 зударшна📚

@fikhzudarsnaWAY

11.3K подписчиков религия

Канал билггала зударшна йу‼️ Имам Шафи1ии мазх1аб т1е товжуш жоьпаш хир ду канал т1аьхь! Ишта вай канал(записаш йолуш): https://t.me/fikhzudarshnnWAY Для вопроса: @FikhZudarshnaabot

Последние публикации

📚Фикъх1 зударшна📚
29.06.2026 10:43 · 👁 669
https://t.me/fikhzudarshnnWAY/432
📚Фикъх1 зударшна📚
29.06.2026 10:27 · 👁 747
Мах1ра х1у ю?! Мах1ра хьена хьакъ ду?! (Урдо, ТамМах олу цунах)! Йо1 маре йоьдуш и юьгаш волу к1анта мах1ра бал беза (выкуп). Вай долчахь билгал даьккхан наха юккъахь лелаш ахча ду, ше барам болуш! Хьена хьакъ ду и?! Х1у хил еза и мах1ран луш ерг?! Билгал х1унда деккхан и?! Кхи совнах хила йиш юй?! Кхи к1езиг хила йиш юй?! Мах1ра маре йоьдаш йолу йоь1а хьакъ ду! Мах1ран и ахча хьа делча шена луарг да цу йоь1а долахь ахча ду и! Шена лаахь шена дуьтийла цо и! Шена лаахь ша маре йоьдаш харж йина долу ше дена-нанна дуьтийла цо и! Шена луарг да цу йоь1а дукх и! Хьа дал дезаш ду и?! Йо1 юьгаш волу к1анта дала дезаш ду, лаахь цо болх бина деккхан хийла и, лаахь цунна цхьаммо делла хийла и! Мах1ран луш дерг ахча хила мега, ахчанах йог1уш йолу муьлха а хьанал х1ум хила а мега! Мехах эца ца йаллал к1езиг х1ум хила ца мег! Масалан хин къурд! Нагахь санна мехах эца луш йоцу х1ума или хьарам йолу х1ума мах1ранна хоттинехь то цу йо1ана мах1рульмисли дог1у ( и санна йолу йо1ана цера общества юккъахь лелаш болу мах бу и)! Къоран 1амор ду аьлла бина барт хила мега мах1ран хоттинарг! Мах1ранна йоь1а шена луарг еха йиш ю! Шена луъш болу мах беха йиш ю! К1ант ша цу йо1а йоьхарг йала реза велахь юьгар ю и, реза вацахь юьгар яц! Ахь и х1унд йоьха, ма еха бохар дац! Мах1ра к1езиг хилар г1оле лору дино, дуккха дехарца сий сов долуш ца лора, шена луарг еха бакъо елахьаъ! Йоь1а хазалла, тайпа, корматаллаш, ишта кхи долу сифаташ тергал дина сов дала йиш йолуш ду мах1ра! Марехь хиланз йолчуьна мах1ра сов долу марехь хилла йолчулла! Вай махкахь билгал бина мах1ра бу марехь хилчунна а, хиланза йолчунна а, вай неха юккъар доход а, хьал а тергал а дина! Нахана атто еш, нахе вовше гатто ца йайта а! Мах1ра леккхара а хоттина, зуд йало божарийн таро йоцуш, зуда йолар/маре йахар д1а тоьттуш, нахан юккъахь зина даржар бахьнаш хиттор бусулба дино поддерживать деш дац! Зуд ялош, йо1 маре йоьдуш а т1аьх дерга лелош нахана халонаш яр бусулба дино поддерживать деш дац!
Чат поддержки
Ответим здесь же, обычно быстро
Здравствуйте! Напишите ваш вопрос — оператор ответит в этом чате.